Бацалахь бlаьрхиш
Бацалахь бlаьрхиш
Буьйсано lенийна,
Къайлаха, ша йисча,
Шен бlаьргаш делхина.
Ткъа хазчу lуьйранна,
Кхетча малх къеггина,
Сатоссуш гlаьттина,
Хьаьжча хьо леррина,
Бацала эгнарш,
Моттало ду уьш
Адамийн бlаьрхиш.
Бацалахь бlаьрхиш –
lаламан жовхlарш,
Дегlана шийла,
Ткъа дагна довха.
Буьйсанан къайленан
Лаахь чам бовза,
Схьаэций, малахьа
И сирла шовда.
Буьйсанан бlаьрхийн
Къаьхьа бу lовжам,
Боца бу кхоллам.
Бацалахь бlаьрхиш –
lаламан жовхlарш…
дешнаш - Арсалиева Люба
мукъам - Келоев Iийса
йиш локхург - Селимова Хьава